ТIекхочийла долу линкаш

Тутаев ШоIипна ницкъ бина, боху Ганнушкинас


Маршо Радионо хаамбира деношкахь, Болгарино Оьрсийчоьне дIавелла Iеламча Тутаев ШоIип Кадыров Рамзанан Iедалхошкахь а ву, цара кIиранах лаьцна а кхобу, аьлла. Тхан эфир йирзина ши сахьт даьлча арахийцира Тутаев, юьхьанца цуьнга Соьлж-ГIаларачу мехкан телевизионехь ша дин харц кхетош хиларх дареш а дайтина.

Бакъоларъярхоша, шайлахь евзашйолу Ганнушкина Светлана а йолуш, дIахьедина, Тутаевна тIехь таIзардина хилар гуш ларш ю аьлла. Шеца Болгарера араваккхалц зIенехь Iийна нохчийн Iеламча хIинца зIенера вайна, аьлла Ганнушкинас зорбанехь.

XS
SM
MD
LG