ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Новосибирскехь белхаш бар дихкина мигранташна


Новосибирск кIоштан губернаторо Городецкий Владимира оршотдийнахь сацам тIеэцна, кхечу пачхьалкхашкара шайн регионе баха баьхкинчу бахархошна белхан меттигаш ялар доьхкуш, къаьсттина хьехархойн, таксхойн, секретаран, гочдархойн белхаш бан цамагош царна. КIоштан урхаллин сайта тIехь зорбане йиллинчу артиклтIехь баилгалъяьккхинчу 16 тайпанчу говзаллашкахь болх бан бакъо хир яц оцу регионехь бехачу мигрантийн.

Иштта бехкамбина берийн бошмашкахь болх бан а, чIерийн леца а, талла а, маьIда даккха а, банкашкахь болх бан а, иштта кх.дIа а. Оцу ягарйинчу категорешкахь хIинцццалц схьа белхаш бен кхечу мехкийн бахархой мукъабаха декхаребо сацамо.

Регионерчу къинхьегаман, социалан хьелаш кхиоран министараллин хаамашца, дахначу шарахь кхечу пачхьалкхашкара Новосибирск кIошта баха баьхкинчийн терахь I0 эзар гергга ду. Коьртачу декъанна уьш бу Казахстанера а, Украинера а, Таджикистанера а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG