ТIекхочийла долу линкаш

РогIерачу нохчийн кIантана хеназа Iожалла карийна Франци пачхьалкхехь.

Велларг 27 шо долуш жима стаг Теркйист кIоштера Галтаков Расул. Мел лазаме делахь а куьг бехке лоруш верг а циггара нохчо ву, вийначун гергара а ларалуш Галтаков Хьайбулла.

Билггал и зулам муха нисделла, цунна бухехь хIун ду хууш дац. Цхьаболчара шозза –кхузза урс тоьхна вийна боху ,кхечара герз диттина хуьлуьйту.

Мухха делахь а зуламда караваллалц, гергарчара дийцарехь, Iедало дакъа схьалуш дац. ЦIийндеца къаьстинчу ненаца дIавахана Расул Европехь веха иттех шо а хилла. ХIуъчара чIагIдарца стохка зуда ялийна дIавахна а хилла хеназа кхелхинарг.

Бен-бен дуьйцу вийначух а, веддачух а. Цхьаболчара боху уьшшиъ машенаш оьцуш,юхкуш бизнес еш хилла. Расулах а, цуьнан ненах дуьйцуш бу юьртахой.

Юьртахо: «Машенаш юхкуш хилла боху. Нана-м-йист хиллуш а яц боху. Стохка зуда а ялийна дIавахна иза кху цIера. Нанас кхаьбна ву ша, да Оьрсийчохь вехаш ву. И кIант шен дас несана дашо мухIар эцна хазахеташ а вара иза…»

ГалтаковгIеран геннарчу гергарчо бахарехь ши-кхо де бен хан ца хилла куьг бехкениг набахтера араваьлла. Оццул хан тоьъна цунна шен гергарчун стагна тIе бохаме куьг айа. Цо дийцарехь Iедална тIеваха цкъа гучу а ваьлла юха а ведда къайлаваьлла и зулам динарг. Шен цIе йоккхийла ца лиъна цуьнан юьртахо ву Францехь нисделлачух дуьйцуш.

Гергарниг: «Урс вийна ца боху соьга-м. ХIинцца зIе етташ бар-кх соьга. Iедална тIеваха волу ша аьлла цкъа гучу а ваьлла, юха а веди боху. Набахтера иза араваьлла а ца хилла цхьа ши—кхо де бен. Машенаш а, матциклш лечкъош гIучу лелош хилла иза хьалха а».

Францехь рогIера нохчо верах а,жима хьалхо шеен юьртахочунна герз тохарх а дуьйцуш ву Францехь 15 шаре а ваьлла вехаш волу Теркйист кIоштан Ломаз юьртара Хатаев Муслим.

Муслим: «И меттиг ниселлий-м хиъна суна. Со цIахь волу бутт сов хан ма юй. Новкъа а деъна. Валлай лартIахь боцурш наггахь нисса-м ло. Делахь а дукхахберш ийманехь бу дала мукъалахь! Хийла Iедале ца долуьйтуш оха тхаьшша ма луьсту цигахь дов. ДIадуьйцург кхетош верг а нисло, шайн лаамехь а берш а нисло. ХIинцца мархин баттахь а ма нисделлерий цигахь вер –ваккхар.

Шега бехк баккхар лан а ца дела Iаьбочо топ а тохна вийнера нохчо. Цхьаболчара дийцарехь кхеро дагахь лаьттахь тоьхнера а боху цо герз. Ларамаза чаьччамаш еттаелла а боху. Хаац. Вьшта кхечаьрга хьажча кхин коьртах а баьхна бийцаре беш бац хьуна цигахь вайнахь. Совца. ХIара мегар ду, иза мегар дац аьлча кхеташ берш алсам ма бу…»

Соьца къамел динчара а, цадинчара а-цхьабосса эхье, кхечу къаьмнашана а хьалха а юьхькIаме доцу зулам лору нохчаша шайлахь нисдина вер-ваккхар.

Галтаков Расул вен а вийна ведда леларг гучу ца ваьлча дакъа схьалуш цахилар тидаме а эцна, гIеметта хIоьттинчу вахархочо, Теркйист кIоштерчу Магомадов ГIапурас элира:

«Валлай Iазмора иза хаза нехан санна эхье хIума а ма ду, цу геналлехь нохчочо нохчо вер. И цхьаъ ду. ШолгIа, и зулам динарг нохчо вуй те аьлла шекваьлла а ву со вуно чIогIа. Стенна аьлча ша сихаллехь ишта челакха гIулч яьккхинехь а, цIена, бакъволчу нохчочун ша бахьнехь лаьтте ца дерзадойтуш дакъа латтадойтур дац».

Ишта хьажам берг ву Магомадов ГIапур.

Ишта шатайпа ойла кхобурш а бу барам а, чот йоцуш дукха: вайнехан векалш оццул цIармата, сонта лела декхар дацара шайна тхов кIело а елла, массо тайпа хене довла а, деша а, даха а хьелаш кхоьллинчу пачхьалкхашкахь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG