ТIекхочийла долу линкаш

Нохчашлахь зуда ялор, ерзор Iаламат деза ламаст лараделла вайн дайшкара дуьйнна схьа, ларало тахана а.

Ткъа тIаьххьарчу хенахь гучудуьйлучу масалша гойту вайнахалахь, къоман Iадат а талхош, нускал далочу замойша керла кепаш юкъаялош.

Кортежехь рагI къовсий, дуккха меттигаш ю кегийчара вовшийн машенаш йохош, герзаш кхуьйсуш, юьстахара нах а кхардош, маьттаза маьхьарий хьоькхуш.

Кху деношкахь Францехь бехачу нохчаша нускал далош яьккхинчу видеоно йоккха гIовгIа эккхийтина социалан машанехь.

Дац и сурт дуьххьара, дукха меттигашкара кхочу вайнах нускал далош ирча хьийзар гойтуш.

Зудаялош лелачу кепашца, цхьаболу вайнах и ламаст маьттаза доккхуш хьийзарх лаьцна хир ду кху кIиранан хаттар.

Шуна муха хета, стенна нисло зудаялош богIучу нехан новкъахь маьттаза лелар? Муха лардалур дара эрчаллах вайн къоме шен и хаза ламаст?

ХIоттийначу хаттаран хьокъехь вистхила лаам болучарна йовзуьйту тхайн телефонаш.

Прагера телефон: + 420 724 019 832

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 724019832

Хетачух лаьцна яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG