ТIекхочийла долу линкаш

Кремлца дипломатин уьйраш латтайо Украинано


Украинан арахьарчу гIуллакхийн министраллин куьйгалхочо Климкин Павела австрийхойн Der Standart газете дIахоуьйту, шаьш Оьрсийчоьнца дипломатин юкъаметтигаш хадо дагахь дац аьлла. «Кремлан агресси тидаме ца оьцуш,оха латтайо дипломатин уьйраш. Оьрсийчохь миллионашкахь украинхой беха, тхо декхаре ду церан гIайгIа бан.

Нагахь санна Кремло мостагIалла кхайкхадахь, цул тIаьхьа Оьрсийчьнна тIехь ду и жоьпалла», аьлла Климкина шен интераьюхь. Кху беттан 10-чу дийнахь ФСБ-но шаьш Украинан къайлахчу сервисаша ГIирмехь лелхийтарш дан бинчу кечамна дуьхьало йина аьлла дIахьедар динчул тIаьхьа, Украинан, Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш иръелла ю.

Киевс бехк тIе ца лаьцна, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн питана лору цара и дIахьедар. Кремло аннекси йинчу ГIирмин дозанашкахь гIарол чIагIдар тIедиллина эскарна Украинан президенто Порошенко Петрос.

XS
SM
MD
LG