ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гиний шуна Бенахь бIаьсте йолуш?


Адам цецдолуш, харж ца кхоош, комаьрша гIишлош а югIуш, рогIера даздарш,"Бенойн бIаьстенна" кечамаш бу цIе яьлча санна Ножай юьртан кIоштехь дIахьош.

Мел чIогIа басарш ца кхоош, эпитеташ ялош ала воьлча а тоаме хир дуй те аьлла хеталуш баккхий хийцамаш бу Ножай юьртан кIоштан лаьмнашкахь дIахьуш.

КIоргга лаьттах чIагIонна, чу ца такхийта, биргIанаш оьхуьйтуш, шордеш, тодеш ду некъаш, ангали биста кхаччалц хиш тIехула тохкуш ду тIайш, берашна а, баккхийчарна а, садаIучу меттигашна а, могушалла тоярна а лерина югIуш ю гIишлош.

Iедало беллачу гIирс-коьчалла доза доцуш кхаъ хилла, тхевнаш хуьйцуш, керла керташ еш, каде хьийзаш ду адам а. Даима а цигахь баьхначу юьртахоша даре дарца ган а гуш, хийцалуш ю ярташ, лаьмнийн даккъаш, шера акъареш: дIахIуьттуш ю керла бIаьвнаш, хьешахIусмаш.

Къаьсттина бакхий хийцамаш тергалло Бена а, Бена-Ведана а, царна гонахарчу ярташкахь а.ТIаьхьалонна а аьлла беш болу и берриге хийцамаш боьзна бу кху беттан 20-21 -чу деношкахь цигахь Кадыров воккханиг дагалоцуш, цуьнан 65 шо кхачар дIахьучу «Бенойн бIаьсте» цIе йолчу шолгIачу фестивалаца.

Цигахь югIучу гIишлойн а, бечу хийцамийн хан яьлча бен, кхачо йоллуш мах хадо а хуур доцуш, мехала лору шайн ярташкахь хуьлуш дерг шаьш бахархошша а.

Цунах, цу хийцамех дуьйцуш ву еххачу хенахь хьехархо а, гIишлошьярхо а белхаш бина Ахматов Iаднан.

Iаднан: « ТIаьхьа бен хуур доцуш, хьо говрахь ву я вирахь ву, бакхий хийцамаш бу кхузахь дIахьуш. Тера-мера аьтто ца хилла кхузарчу нехан и хиндолу даздарш бахьнехь. Бена хьалабогIу некъаш а, кхечу ярташкахь доьду некъаш а вуно чIогIа тодина а, тодеш а ду, кIоргенан биргIанаш лаьттах а йогIуьйтуш, чу ца такхийта..

Хиш охьаэхийта апареш ю некъийн бохалла еш… Лоьман кIотар эвлана а лакхахь хьешацIа дугIуш ду, цхьацца садаIа меттигаш а кечйина. Ахти тIай олучу боьрахь ангалин тIай дина машен тIехула яьлча а каг а ца луш.

Цигахь а садаIарна лерина кегийра рагIуш дина. Берашна а меттигаш ю кечьеш садаIа а,могушалла тоян а. Юьртахошна дIукха гIирс белла.Цундела адам ша арадаьлла,самукъадаьлла гIуллакх деш ду.

ел йина хIума юьртана юьсур йолуш хIуманаш ю. Кхуззахь Бена-Ведана акъари тIехь каркасан бIов ю югIуш.Иза а гуттаренна а юьсур ю. Дукха ю югIу гIишлош…»

Ножай юьртан кIоштехь хуьлучу баккхийчу хийцамех дийцинчу Ахматов Iаднана чIагIдарца, исбаьхьчу Iаламан хазаллех пайда эца аьтто боцуш, дIатиссина меттигаш дукха юьсур яц кIоштехь.

Цо дийцарехь, бакълена а нохчийн лаьмнаш Швейцарех тардан хьайча санна, цхьамма а лехка ца оьшуш, каде хьийзаш бу шаьш ламанхой а.

XS
SM
MD
LG