ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нашхахь - Бенойн гIала хир ю


Нохчийн къоман орам ларалучу Нашхахь бенойн гIала х1отто йолийна махкарчу Iедало

Нашахахь, дуьххьара ян йолийна бенойн бIов. Ша хьалха хиллачу меттехь, шира бух тIехь ю иза еш. Цига хьалавеанчу Нохчийчоьнан куьйгалхочунца Кадыров Рамзанца, историйн аьлча а, беной тайпан бухах лаьцна экскурс йира, республикан чоьххьарчу гIуллакхийн министран хьалхара гIовс волчу Алаудинов Аптис.

Иза ву оцу белхашна тIехIоттийна.


Алаудинов: «Бено кхузара дIаваханчулла тIаьхьа… ХIорш гой хьуна? Иза бенойн огородаш хилла ю. Кха олу-кх цуьнах. Бенойн кха. Исторехь муха хилла. Дехьа Iаш чIармхой бу, хуьллу Iаш хIелхой бу. Лаххахь, мIаьйстойн гIала хилла. Бено дIаваханчулла тIаьхьа, и меттиг екъа а екъна лелийна кхузахь. "Бенойн кха" аьлла цIе дIа а яхана хилла хIара».


20 минотехь сов еха яра меттигерачу телехьожийлехь Нашхахь болийначу гIишлошъяран балхах лаьцна гайтина репортаж.

2010 шарахь дуьйна цига боьду некъ меттахIоттош болийнера. Шина тIамна юккъехь а, наха а, Iедалша а, шайн кIезгачу таронашца, хIуттура цига боьду некъ баккха.

Таханлерачу Iедалан таронца цхьана дуьйцийла а яц. Оцу хенахь, цига вахана хилла, шай а тайпана нашхо волу Хаджимурадов Ислам. Цо иштта дийцира цуьнах лаьцна.


Хаджимурадов: «Сийсара Рамзанан уллехь лаьттачу Хизарца хилла ву со 1996-чу шарахь. Иза а, со а тайпана нашхо ву. И меттигаш езаш, евзаш цигахь лелаш вара иза. ХIетахь цигахь болийнера некъ бан.

Техника а, ахча а ца тоьуш сацийнера иза. Хизара суна вайн дай схьабевла меттиг ас гойтура ю хьуна, аьлла, иштта цига вигинера со».


Нашаха- чIогIа хаза а, Iалам дукха исбаьхьаллица инзаре долуш меттиг ю. Цигахь лела хала долу дела, адам тIегIортаза дуккха а шераш дIадаьллера. Ичкери йолчу хенахь, шаьш цига дахча, некъан ховзам а хилла, бала хьийгира шаьш бохуш, кхин дIа а дуьйцу, шен схьавалар оцу меттера долчу Хаджимурадов Ислама.


Хаджимурадов: «УАЗ» машен яра тхоьгахь. Иза дIа мел йоьду дIа а дахана, тIаккха гIаш дахара тхо. Бакъду, ГаланчIоже ца кхечира тхо. ЮхадогIуш, некъ а текхна, хьовзам хиллера тхуна. И меттигаш тайича, чIогIа дика хир дара, вайн истори талларна а, вайн кханенна а».


Нашха-нохчийн къам схьадаларан бух лоруш белахь а, цигара схьадаьллачу тайпанан терахь 30-ннал тIехэккха. Кхидолу тайпанаш нохчийн дац бохург ца лору иза историкаша а, кхечу талламхоша а.

Хаджимурадов Исламна хетарехь, Нохчийчоьнан кхечу меттигех хазаллийца къаьсташ яц Нашха. Цигара нохчийн къоман доккха дакъа схьадаьлла хиларо базбо цуьнан мах, элира цо.


Хаджимурадов: «Юккъера марзо йолу агIо ю иза. Цига со кхаьчча, сан дай баьхна-кх кхузара аьлла хетало. Амма, хIара хаза ю, вукхул а олийла дац. Итум-Кхелахь а хилла со, цигахь а ю инзаре хаза меттигаш. Оцу Нашхахь а дукха а ю хаза меттигаш. Даго тIелоцуш меттигаш ю-кх уьш».


Бенойн бIов Нашхахь йоьллуш хилар, цхьатерра тIе ца оьцу нохчийн юккъараллехь. Цхьаболчу историкаша, беной Нашхара схьабевлла бац бохург а, дукха къийсаме хIума лору.

Интернетехь видео ю, 1997 шарахь яьккхина. Оцу меттигийн истори дика евзачу Гаев Саламата, Гихчура вахархочо а даре до оцу меттехь бенойн бIевнаш Нашхахь хилла аьлла.


Меттигерачу телехьожийлехь гайтинчу Нашхара репортажан чакхенехь, Кадыров Рамзан гойту, ломан буьххье а ваьлла цигара къамел деш.

Цо бахарехь, цхьа бутт ах бутт бу, шаьш къоман юккъахь бартбийр болу меттиг лоьху. Иза, схьадийцарехь, дуккха а нах гулло меттиг хир ю. Безам а, Барт а, Маршо а ма эшадойла вайн доьзалшкахь элира цо.

ХIинца а, схьагарехь, и кхо ниIмат кхочуш хир долу меттиг карийна яц. Иза лахар кхин дIа а хьурдолуш ду.

XS
SM
MD
LG