ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьно кеманашца бомбанаш етта Шемахь


ШолгIа де ду Шемарчу «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанан каппашна тIе Оьрсийчоьнан ГIажарийчохь къайлах латточу кеманаша тохарш ден. Оьрсийчоьнан тIеман министралло хаамбира, гIажаройн Хамадан аэродромера гIаьттинчу масех СУ-34 кеманаша Шемарчу Дейр-эз-Зор провинцина тохарш дина кхаарийдийнахь аьлла. Шайн Iалашо кхачушйинчул тIаьхьа юха шаьш лаьттачу метте кеманаш юха а даьхкина аьлла, даредо тIеман министралло.

150 ДАIИШ-ан декъашхо а, кхечу пачхьалкхашкара йолах баьхкина тIемалой а хIаллакбина шаьш бохуш даржийна Москохарчу тIеман хьукмато. Оьрсийчоьно ГIажарийчуьра Шемарчу тIеман ДАIИШ тобан дакъошна тIе кеманца тохарш даро Цхьанатоьхначу къаьмнинй организацин (ООН-н) резолюци талхайо, ткъа Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллин хаамашца, Кремло тIе ца дуьту Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн шайгара бехкбаккхар.

Шинарийдийнахь Оьрсийчоьно Шемахь кеманашца бомбанаш еттар долийначул тIаьхьа, Iамеркан пачхьалкхан департаментан векало Тонер Марка дIахьединера, Цхьаьнатоьхначу къаьмнийн организацино тIеман кеманаш ГIажарийчохь латтор доьхку низам дохийна, аьла. Оцу хьокъехь ГIажарийчоьнан парламентан спикеро Лариджани Iелас хаийтина Оьрсийчоьнан шайн пачхьалкхехь диллина тIеман кеманаш латто таронаш яц, амма гIажаройн, оьрсийн вовшийн гIоьналлин юкъаметтигаш диккачу тIегIанехь ю.

XS
SM
MD
LG