ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Башнефть" долаерзо дагахь ю "Роснефть"


«Роснефть» компанин пачхьалкхан долара 19,5 процент акцеш дIа а доьхкина, «Башнефть» компанин приватизаци ян сацам хилла Оьрсийчоьнан министрийн кабинетан. И хаам бина вице-премьера Шувалов Игора. Хьалхо премьер-министро Медведев Дмитрийс а дIахаийтира, «Башнефть» компанин акцеш дохкар билгалза ханна дIатеттина аьлла. 2009-чу шарахь дуьйнна «Башнефтан» акцеш АФК «Система» корпорацин дара.

2014-чу шарахь оцу корпорацин куьйгалхойн кхеташонан директорна Евтушенков Владимирна дуьхьал бехктакхаме гIуллакх даьккхира. Талламчаша дийцарца, Евтушенковс харцонца акцеш дохкаран некъаш лелийнера. Цул тIаьхьа, кхелан сацамца компани пачхьалкхан долаерзийра.

Карарчу шеран Дечкен-баттахь Евтушенков Владимирна дуьхьал айдина гIуллакх сацийнера, динчу зуламийн тоъал тоьшаллаш ца хиларна. Бутт баьлча пачхьалкхо дIакхайкхийра «Башнефтан» ах сов дакъа акцеш ша долаяхарх. Карарчу хенахь «Роснефть» компанин 70 гергга акцеш пачхьалкхан цIартIехь ю. «Роснефть» компанино «Башнефтан» приватизаци ярна дуьхьал бу цхьамогIа оьрсийн Iедалан гIуллакхой, ву царлахь вице-премьер Дворкович Александр а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG