ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан ФСБ-но кхаарийдийнахь Петарбухахь лерина операци дIахьочу хенахь масех гIаттамхо вийна аьлла, хаамбо ТАСС агенталло. Маьршачу нахалахь вийна, лазийна стагга а вац. Маршо Радион корреспондента Вольтская Татьянас дийцарца, Iуьйранна 10 сахьт даьлчхьана Петарбухарчу Ленинан цIарахчу урамера цIенна го а лаьцна, Къилбаседа Кавказан гIаттамхойн тобанашкахь дакъалаьцна тIемалой лаца, вовшахтоьхнера эскарш.

Зорбанаша дийцарехь, ГIебарта-Балкхарачойн къайлахчу сервисаша тIехьажорца кхаьчнера и орца. Оьрсийчоьнан гвардин тIемалоша масех сахьтехь гонехь латтийра нах чохь беха цIа.

Цара бахарехь, оцу цIийнах хилла кавкаахойн тIемалой. Лакхарчу гIатташтIехь бахархошна гинера химех дегI лардечу духаршца нах. Болчу хаамашца лерина операци йирзина. Оьрсийчоьнан спецназан цхьана эскархочунна чевнаш йина.

XS
SM
MD
LG