ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лелхийтарш марсадуьйлу Туркойчохь


Туркойн Элязыг шахьарарчу полисхойн хьукматна уллехь еарийн Iуьйранна молханех юьйлина машен эккхийтарехь кхо стаг велла, 50-нна чевнаш йина. И хаам баржийна Рейтерс аненталло. Цул а масех сахьт хьалха Туркойчуьрчу Ван провинцерчу полисхойн штаб-хIусамна динчу, и санначу тIелатарехь а вийна 3 стаг, 70-нна кеп-кепара чевнаш йина бохуш дуьйцу пачхьалкъан информацин АНАДОЛУ агенталло, полицин хаамашна тIе а тевжаш.

Ван провинцин губернаторо дIахьедарехь, тIелатаран декъахь хила тарло Курдистанан Белхан парти. Цхьана а террорхойн тобано дина зуламаш шайна тIе ца лаьцна официалехь. Туркойчоьнан Дьярбакыр гIаларчу полисхойн декъанна оршотдийнахь динчу тIелатарехь вийнера 8 стаг, иттанашна чевнаш йинера.

Дахначу шеран Товбеца-баттахь дуьйнна марсадевлла ницкъаллин структурийн белхахойн курдойн тобанашца вовшахтийсадаларш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG