ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненаюкъарчу бакъоларъяран Амнести Интернешнл организацино еарийдинахь зорбане яьккхинчу докладехь Iорадоккху, Шемарчу Iедалан куьйгакIеларчу набахтешкахь тутмакхашна тIехь латточу Iазапан доза адамаллина дуьхьал даржочу зуламан тIегIантIе кхаьчна. 2011-чу шеран Зазадоккхучу-баттахь Шемахь тIемаш буьйлабеллачул тIаьхьа набахтешкахь беллачийн терахь 18 эзар хьаладаьлла, бакъонашларъярхойн зерашца.

Набахтешкахь баьхкинчу 65 тутмакхо динчу тоьшаллашна тIе а тевжаш хIоттийна ю Амнести Интернешнл-ан доклад.

Иттанаш шерашкахь Шемарчу Iедалхоша шаьш лецнарш кагбархьама, къизаллашца Iазапаш латтадо царна тIехь. Муьлххачу а Iедалан ражна дуьхьал волчунна тIехь ницкъ бар тахана даьржина, практика хилла дIахIоьттина, бохуш яздо бакъоларъярхоша.

Дуьненан юкъаралле, доккхачу декъанна, Оьрсийчоьне а, Iамерке а кхайкхам бо бакъоларъярхоша, Дамаске Iазап, къизалла лелор сацадайтар доьхуш. Амнести Интернешнл организацино доьху Iедалца кхетам цхьана ца богIуш лецна нах дIахецар, пачхьалкхерчу набахтешка кхача шайна дуьхьало цаяр а. Адамийн бакъонаш шаьш талхош хилар тIе ца лоцу Шемин куьйгалло.

XS
SM
MD
LG