ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВКонтактера зуламхо Гаджиева ПатIимат


Интерфакс агенталло бечу хаамца, Москохарчу тIеман кхело «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобан символика социалан машанехь ВКонтакте хIотторна 400 эзар сом гIуда хьарчийна Сеченовн цIарахчу университетан дешархочух Гаджиева ПатIиматах.

Набахтехь такхийта 4 шо хан хьоьхура йоIана кхело, адвокаташа зуламан хIоттам цахиларан тоьшалла а дина, гIуда такха тIедожийна цунна.

Талламчийн версица Гаджиева ПатIимата дахначу шеран аьхка ВКонтактерчу шен агIонтIехь ДАIИШ тобан байракхан скриншот хIоттийнера. Масех дийнахь бен ца латтийра цо шен агIонтIехь байракх, иза дIаяьккхинчу шолгIачу дийнахь полисхоша лецира Гаджиева.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG