ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хелхарш дан-м вай дита ахь!


ХIокху Марсхьокхучу-баттахь кIира а ца долу махкахь цхьацца кепара барам ца хIоттош.

«Къилбаседа Кавказера кIошташ-м йийца а стенна юьйцура, ерриге а Оьрсийчохь хир яц кхузахь санна чот йоцуш дукха, комаьршша даздарш, дуьнентIе мел ду ловзарш-къийсадаларш, гуламаш дIахьуш регион.

Цунна къеггина тоьшалш карадо кху карахьболчу баттахь а.

Со а, кхиберш а юха-юха цецдохург, бес-бесара жоьпаш доцу хеттарш кхуллург а ду - муха кхочу - те ницкъ бIеннашкахь хьеший а луьстуш, тIаьхьий- хьалхий оццул сих-сиха, сел дукха цхьаьнакхетарш дIадахьа?

Цу кепара хеттаре вуьйлург ву ас цIарца ца вуьйцуш вуьту Соьлж-ГIалин цхьана лакхарчу доьшийлин хьехархо, математика Iилманан кандидат.

Цунна моттарехь, бух боцу хIорд санна, кIорга а, онда а киса-бохча хила деза Iедалехь болчеран даккхийра спортан чемпионаташ биста кхаччалц, оццул дукха а, чулацаме а хиламаш листа.

Цу хьехархочух тера хеттаре буьйлурш дукха бу. Цара чIагIдарца цхьа гIеххьа йолчу пачхьалкхийн а хир яц кхузахь санна, хIора баттаххь бохург санна, миллион долларшкахь харжаш ян таронаш.

И харжаш мел, мича барамехь йо ала-м хаац, амма цхьаъ ду шеко йоцуш, шо-шаре мел долу дебахь бен лах ца луш дIахьуш бу Нохчийчохь массо тайпа гулам-цхьаьнакхетарш.

Кху деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIахьуш ю «Казахстан-Къилбаседа Кавказ» цIе йолу бизнес –форум. Цуьнан декъашхой бу Оьрсийчоьнан дуккха кIошташкара йохк-эцар гонера гIуллакхъхой а, Казахстанера массо тайпа дохка сурсаташ арахоьцуш йолу 15 яккхийчу кампанийн векалш а.

Ишта нохчийн коьрта шахьрахь болх дIаболийна "Тешам дагчохь-терроризмана дуьхьал» цIе йолчу дуьненаюкъарчу форумо а.

Кадыров воккхачуьнан 65 шо кхачарна тIедоьгIна кхаа денна лерина цхьаьнатоьхначу цу гуламан декъашхой бу юххерчу а, генарчу а пачхьалкхашкара баьхкина 120 сов бусалба а, керстан а, иудаизман а динийн векалш.

Официалан гIардаккхарца, тайп-тайпанчу динийн а, къаьмнийн а доттагIаллин уьр-юкъаметтигаш чIагIьеш, йоккхачу самонца жигара хьийзарна а, хIинцца цуьнан вина де тIекхочуш хиларна а Дагестана ХIинжа гIалин епархин дехарна жоп луш дIахуш ю и форум Кадыров воккхачуьнан цIарх.

Кху беттан 24-26 –чу деношкахь Соьлж-ГIалахь дIаяхьа лоьруш ду иттех кIоштан тобанаш а йолуш берийн фестивал "Машар Кавказана-2016".

Цхьаьнатохархоша дийцарехь цуьнан Iалашщо ю къаьмнашна юкъара доттагIаллин уьйраш чIагIьяр а, къаьмнийн шатайпаналла вовшашна довзийтар а.

ХIара Марсхьокху - бутт бале 26-27 деношкахь Соьлж-ГIала кечлуш ю «Сообщество» боламан жигархошна-хIайттархошна лерина еш йолчу форум дIаяхьа.

Оьрсийчоьнан Юкъараллин хIусаман а, нохчийн Iедалдайн гIоьнца дIабахьа лоьручу цу гуламан декъашхой хир Къилбаседа Кавказан кIошташкара векалш.

Цара дийцаре дохкур ду йохка-эцарх а, Iар-дахарх а дозаделла шуьйра хеттарш.

И цхьаьнатоьхначарна хетарехь «Сообщество» жигархойн форум- иза юкъараллина а, бизнесна а, Iедална а сане уьйр-юкъаметтигаш лело таро луш белхан майда ю.

И лакхахь багарбина чулацаме хиламаш боцуш, Ножай юьртан кIоштан лаьмнашкахь инзаре баккхий хийцамаш беш, «Бенойн бIаьсте» къоман хьуьнарийн, спортан, културан фестивал дIаяхьа кечамаш бу шовкъе дIахьуш.

Iедалхоша дийцарехь, цуьнан коьрта майда кечйина, чIегIардиган бенах тера, ломан терхи тIехь Iуьллучу Бена-Веданан эвлан коьртачу акъари тIехь.

Шаьш беноша къаро ярца, цу хиламехь дакъалаца хIинцале цига кхевчча дуккха а кхечу пачхьалкхашкара вайнах.

XS
SM
MD
LG