ТIекхочийла долу линкаш

Трампа хийцина шен харжамийн кампанин куьйгалхо


Iамерка --Трамп Доналд а, Клинтон Хиллари а

Iамерка --Трамп Доналд а, Клинтон Хиллари а

Демократийн партин кандидат Клинтон Хилари а, Республиканийн партин кандидат Трамп Доналд а кху шеран лахьанан баттахь хин болчу президентана харжамашна кечамаш беш, вовшахтухуш бу говзанчийн гонаш а, экономикан а, политикан программа а.

Нийса бIостанехь хетало цу шинан кандидатан арарчу а, чоьхьарчу а гIуллакхийн программаш а. Iамериканхошлахь дIахьочу дог-йола евзархьама талламаша гайтарехь Трамп тIаьхьарчу хенахь Хиларина эша волавела. Вашингтон Пост дIабаьхьанчу талламехь иза Хиларина 8 процент тIаьхьавуьсуш ву.

ХIинца республиканийн партин куьйгалхой а, дуккха а декъашхой а бу корта лаьцца, ойланашка бахана. Кху харжамашкахь а, демократийн партин векал тулург хиларна саготта бу уьш. Цунна хир ду-кх Трампа бохург къобал ца дахь а, бовла меттиг ца хиларна гIийла цара цунна гIорто яран бахьана. Уггаре церан сагатдийриг шена дагадеанарг дуьйцуш волу Трампа церан хьехамашка ла ца догIар хетало.

Путинца юкъаметтиг чIагIъян еза, Оьрсийчоьнца гергарло а лело деза, ГIирма Оьрсийчоьнан дакъа ду аьлла къобалдан а деза, бусалбачу нахана Iамерике чубахкар дехка а деза, 11 миллион бакъо йоцуш Iамеркехь веха мексиканхо ара а ваьккхина, дозанна тIехь Мексикан Iедале пен хьалботтийта а беза, бохуш дIахьедарш до цо таханна а.

Дукха хан йоцуш Трампа бусалбачу нехан хьокъехь де дIахьедарш емалдеш вистхилла волу Iиракъехь кхелхинчу бусалбачу салтичун да а, Хизр Хан, террорхошца уьйранаш йолуш ву бохуш дIахьединера цо.

Шена уллохь лаьттина хиллачу шен зудчунна ГIазалана йист хилла бакъо а ца елира цуьнан майрчо бохучу Трампо диначу дIахьедаро а протестан гIовгIа эккхийтинера Iамерикехь. ‘Хьуна Тхо Хезий ХIинца’ цIе йолу хэштэган кампани дIайолийна хIинца интернетехь бусалбачу зударша Трампана дуьхьал.

Цу кампанехь дакъалоцуш дуккха а Iамеркехь беха Iилманехь а, юкъараллин дахарехь а кхиамаш баьхна бусалба зударий бу. Ала догIу, терахьашка даьккхича, тахана Iамерикехь 3.300.000 эзар бусалба стаг ву вехаш, царах 38 процент кIайн ву, 28 процент Iаьржа ву, 28 процент азиат ву, ткъа 4 процент латинхо а ву. Царах дукхахберш Чикагехь а, Нью-Йоркехь а, Лос-Анжелесь дIатарбелла бехаш бу. Политикехь царах 70 процент демократ ву, 11 процент республиканхо ву, ткъа 19 процент цхьанна а партин декъашхо вац.

Таханлерчу дийнахь, Iамерикера бусалба нах реза бу демократийн кандидатана Хилари Клинтона. Цо юьхьарлаьцначу программе а, цо дуьйцучуьнга ладоьгIча а тIаьхьакхиа хала дац бусалбачу наха а, кхетам чохь болчу Iамериканхоша иза къобалъяран бахьанийн.

Цо хала делахь а, Шемара мухIажарш Iамерко тIеэца беза, Оьрсийчоьнна тIера санкцеш Минскехь бина барт кхочушбаллалц дIаяха йиш яц а, НАТО-н муьлххачу а декъашхочунна муьлхха а пачхьалкх тIекхетахь, Iамерик, хьем ца беш, цу НАТО-н декъашхочунна гIорто ян а еза боху.

Ас а хаьттира Вашингтонерчу колледжехь экономик Iамийначу, Iамерикерчу нохчийн вахархочуьнга цо хьана кхаж тосур бу аьлла. Ишта жоп делира Салахьа соьга: ХIинца а хьана кхаж тосур бу сацам ца бина ас. Политикаша тахана цхьаъ дийцахь, куьйгалле баьхкича кхин хIума леладо цара.

Трампа ша тахана бусалба нах чубуьтур бац бахахь а, кхана куьйгалле веъча, цо хIун дийр ду ала хууш стаг вац. ХIинца дукхах болу суна бевза бусалба нах Хиларина кхаж таса лууш бу, амма иза а политик ю, политикаша шайна пайдехь дерг биэн ца дуьйцу. Дукха хьолахь, церан дешнаш церан гIуллакхашца догIуш ца хуьлу. Цундела, хIинца а сацам ца бина ас.

Трампа бусалбачрна лехь а, цо дуьйцург кху махкахь чекхдер ду аьлла ца хета суна. Кхузахь дин бахьанехь нахана дуьхьал Iедал озабезамаш бан долалахь, Iамерикан дуьненахь йоккху цIе а дика хир яц, цуьнан интересашна а дика дац и. Цундела, хIинца а ца хаьа суна ас кхаж хьана тосур бу я тосур буйла а.

Масех де хьалха малхбалерчу Европера Iамеркин НАТО-н бартхой а Iадош а , вирчlимаш биъначо дуьйцур доцург дийцина Трампа: Путина Обаман пусар ца до, со а лорур ву цо; НАТО-н декъашхочунна Оьрсийчоьнан эскар тIелатахь а, цу махкана орца вала сихлур вацара со, бохуш.

Цу кепара цуьнан дIааларшка ладоьгIча дагадан а там бу: Да висарг, цуьнан президент кампанина ахчанца накъосталла дийриг Кремл-м яц техьа бохург. И шеконаш тIечIагIъеш язйиначух тера ю кху кIирнах Нью-Йорк Таймс газетана тIехь Трампан кампанин куйьгалхочух Манафорт Полах артикл.

Цхьана хенахь Януковичан хьехамча а, цуьнан харжамийн компанин куьйгалла дина хилла волу Манафорт Поло гIехчул сов цунна гIо дина хиллера иза Украинан президент воккхучу заманчохь. НАТО-н дуьхьал ГIирмехь протесташ вовшахтухуш болх дIабаьхьна а хиллера цо 2006-чу шарахь Украинехь. Полана цунах дика хIонс караеана хиллера бохуш, чIагIдо артикло. Артиклан чулацам харцбеш, Поло дIахьединехь а, кхаарин дийнахь Трампан кампанин куьйгаллехь хийцамаш хилла. ХIинца цуьнан харжамийн кампанин куьйгалхо Баннон Стив ву, ткъа шен кампанин менеджер цо Конвей Келлиан хIоттийна. Цхьанна а ца гучу генна тIехьа теттина цо Манафорт Пол.

Багахь Оьрсийчоьнца гергарло дезахь а, сел кIорга оьрсийшца а, церан къайлах сервишца а уьйр хила тарлучу стага шен кампанина дийр долчу зенах а кхетта бина хийцамаш хилла тарло Трампа. Кху кIирнах Трампан хьалхара цхьаьнакхетар а хилла Къоман Къайлахчу Сервисийн Хьукматан Директорца. Цу цхьаьнакхетаран Iалашо дуьненаюкъарчу хьолах кандидаташна хьехарш дар ю.

Цуьнца цхьаьна цу Нью-Йоркерчу ФБР-н хьукматехь хиллачу цхьаьнакхетарехь дакъалаьцначу инарла лейтенант Флин Майкл хиллачу цхьаьнакхетаран мах хадош, ишта элира:‘чIогIа профессионале а, оьшу къамел а хилира тхан’.

Нагахь санна хIинцачул тIехь шен къамел ца хийцахь, шен партин накъосташка ла а ца дугIуш шен кампани Трампа дIахьахь, лахьанан баттахь хир болчу харжамашкахь цо шен куьгца, аьлча а, шен багца Iамерикан пачхьалкхан коьрта дарж Клинтон Хиларина совгIатана дIакховдо тарло.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG