ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

48 сахьатана ша бен тIом сацабо Оьрсийчоьно


Шемарчу гонехь латточу Алеппо гIалахь тIедогIучу кIиранах 48 сахьтана тIом сацо резахилла Оьрсийчоь. Иза нисделла еарийдийнахь интернетехула оцу гIалара цхьа жима кIант балехь воллуш сурт даьржича. Авиатохар хиллачул тIаьхьа цIийша юьзинчу юьхьтIехь кхерам а лаьтташ дара массех баттахь гонехь яллочу гIаларчу беран сурт.

Оцу суьрто дагадаийтира дуьненна стохка хичохь дала а делла, туркойн бердашка кхоьссинчу кхечу беран сурт. Алеппорчу берах лаьцна, «оцу кIентан шен дахарехь цхьа де а хилла дац мацалла, баларш, херцарш, тIом ца гуш», элира Алеппорчу суьртанна комментари еш Штатийн Пачхьалкхан департаментан пресс-секретара Кирби Джона.

ТIедогIучу деношкахь 48 сахьатана Алеппона тIе бомбанаш, ракеташ еттар Оьрсийчоьно сацийча, цигарчу бахархошна гуманитаран гIо кхачо лерина ю Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организаци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG