ТIекхочийла долу линкаш

100 миллион совдегархочунна шеца фирмин декъахь волчу кхечуьнгара ницкъаша схьадаккха гIоьртина аьлла Москох лецна нохчех болу полисхой полковник Ахмаев СаIид а, цуьнан накъост Болатбиев Леча а бехке бац аьлла, арздина кхеле церан адвокаташа.

Ахча къуьйсучу «СТДжи Медиа» фирман шина декъашхочунна Жуков Андрей, Катков Евгенийн девна юкъа а воьлла, цхьаьнгара вукхунна ахча охьадиллийта хьовзарна лаьцна и ши нохчо.

Оцу юкъанна Фейсбукехь полковниках Ахмаевх лаьцна яздина 8 шо сов хан, террорхо ю аьлла, набахтехь хан шега текхийтинчу кхечу нохчочо Муртазалиева Зараа: «Ахь сайн 20 шо бен хан о йоцчу шарахь оццул хан а тоьхна сан дахар ЖоьжахатIех тардира, хIинца хьо кхаечи хьо цхьадика сан декъе», аьлла.

XS
SM
MD
LG