ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркан Цхьаьанатоьхначу Штатийн вице-президента Байден Джос кхойкху Оьрсийчоь а, Украина а машаре. ДIахьедар дозу деношкахь президента Порошенко Петрос «тIематасадаларш шордала тарло, Оьрсийчоь тIелета сахьт дац» аьлла дIахьедарца.

ПIераскана телефонехула Байдена Порошенкога хаийтина, ша Оьрсийчу кехат хьажийна, дуьнено хьал тергонехь а кхобу, деэскалацине са а туьйсу, бохучу маьIнехь аьлла. Донбассехь сепаратисташ жигарабовлар хьахош Байдена хьехна Порошенкона собаре хилар.

Кху муьрехь дийцаредо дуьнено Оьрсийчоьнан ницкъаш ГIирме а, кхечу Украинан дозанашка а Кремло узуш латтар. «Тергалло тIеман дакъош ГIирмехь а гонаха а совдовлуш, амма, хетарехь, Оьрсийчоьно цигахь долийначу тIеман Iаморашца доьзна ду и хьал», - аьлла Пентагонан векало Дэвис Джеффа.

XS
SM
MD
LG