ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бенойн БIаьсте", ...муьлха тайпа ду рогIехь?


«Бенойн БIаьсте» цIе лелаен мукъаденошна лерина синбахамаллин гайтам болабелла Нажи-Юьртан кIоштахь. Иллеш, эшарш хазорал совнаха, спортан барамаш дIабахьарал совнаха, говраш а хохкур ю Бенахь.

Иштта мехкан кхечу кIошташкарчу шина юьртахь а хир бу цуьнан декъера барамаш. Къоман култура, гIиллакхаш карладаха Iалашо йолуш йолийна ю фестивал стохка. 16 кепехь спортан ловзарш юкъа а лоцуш.

Оцу ловзаршца доьзна Кавказан Узел газетехула шайн цакхетам бовзийтина Нохчийчуьрчу бахархойх цхьаболучара. «Бенойн БIаьсте» стенна аьлла барамах, иза дерриг а дамна лерина хилча, цхьа тайпа стенна ду даздеш фестивалан цIарца, цецбуьйлу бахархой, газето яздарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG