ТIекхочийла долу линкаш

Францехь а, Белгехь а, Германехь а бусулба динерчу талорхоша терроран тIелатарш дар бахьана долуш, и дин лелочийн духарш а, дахаран кеп а дийцаре даьккхина Европехь. Германехь а, Австрехь а бурка а, буркини а, никъабаш а ехкар ду Iедалан дайша юхьарлаьцна.

Бурка, буркини, никъаб – и кхо дош ду кху тIаьхьарчу кIиранашкахь Европерчу хаамийн гIирсашкахь а, политикан учешкахь а, социалан машанашкахь уггаре а алсамох хьехочех. Цхьаболчара и духаран кепаш Малхбузехь ехка еза бохуш чIагIдо, вукхара бехкамех пайда бер бац, и духарш лелочу зударийн а, цаьрга уьш леладойтучу церан боьршачу нахан а гIолехьа интеграци ян еза, царна шаьш Малхбузерчу юкъараллин цхьа дакъа хилла дIахIиттар марздечу агIор дахаран хьелаш кхолла деза боху.

Европехь бусалба шаьш лоручу я бусалба пачхьалкхашкара орамаш долчу талорхоша ницкъ баран а, цIий Iеноран а, терроран а акцеш кху тIаьхьарчу беттанашкахь дIаяхьанчул тIаьхьа юха а марсаяллачу ислам дин лелочийн, къаьстина зударийн, духарех йолу дискуссеш кху гонехь вуно кIоршаме а, эмоционале а дIахьош ю.

Никъабаний, буркиний, хиджабний, химариний, ва масане ю уьш кхин, зударийн юхь а, дегI а хьулдо тIелхигаш- царна юккъехь башхаллаш ца евзачу политикаша шайн популизмечу хабаршкахь „бурка ехкар“ аьлла цIе тиллина цу дискуссешна. Австрин арахьарчу гIуллакхийн а, интеграцин а министр Курц Себастьян ву и тема кху муьрехь айъинчех цхьаъ.

ХIинцачул масех шо хьалха оццу Курц Себастьяна шега зударийн юхь къовлу духар дехкарх лаьцна хаттар дича жоп делира, и юхь къовлу никъабаш лелош Австрехь масех зуда бен яц, уьш лелош вайн урамехь зударий гича, доккхачу декъехь СаIуди Iарбара я Эмираташкара туристаш хуьлу уьш, вайн махкахь уггаре а езчу туьканашкахь шортта ахча охьа а дуьллуш, шоппинг ян баьхкина болу, цара вайн экономикана беш боккха пайда бу, аьлла.

Амма хIетахь дуьйна даьллачу кхаа-деа шарахь дуккхаъ хIума хийцаделла бусалба динца а, иза лелочаьрга болчу хьежамашца а доьзна. Хийцаделла иштта иза лелочийн цхьаццаболчийн шайн леларш а. Иштта, масала, Австрехь алсам долуш ду никъабаш лелочийн терахь. Къаьстина къоначу нохчийн зударшлахь. Ма-дарра аьлча, цу махкахь Iаьржа доьхна, юхь къевлина урамехь йоьдуш зуда гахь, иза нохчийн хила там бу аьлла къовсавала а мегар долуш хьал хIоьттина.

Бусалба дино амма ца дуьллу зудчунна и юхь къовлу гIирс а, сел чIогIа, олуш ма-хиллара, мар веллачу метишкано санна Iаьржа доьхна лелар а бохуш дуьйцу Iелимнаха. Иза бусалба дино зударшна тIедуьллуш делахь а, Макка а, Мединате а хьаж дан баханчу зударшна дихкина хир дацара шайн яххьаш къовлар боху цара.

Венерчу коьртачу маьждигехь хьехамаш беш волчу нохчийн имам Мусас а дийцира Маршо радионе, зударш Европехь никъабаш лелорах зе алсамох ду, пайданал, иза къаьстина нохчийн зударшна юккъехь цхьа башха мода санна хIума ду, бохуш.

Имам Муса: „Iелим нехан цу тIехь ши ойла ю: цхьаболчара юхь къовла еза боху, амма дукхахболчара къовла ца еза боху. Иза цхьа мода санна хIума хета суна. Доккхачу декъехь кегийра зударий хуьлу уьш, хIинца маре бахана, церан хIусамдай а кегий хуьлу. И дIакъовлале я муьлха а кхин хIума шаьш дале хьовса беза, цунах зе ду я пайда бу. Яхьа а яхьана и никъаб Iедало ехкахь, во ду иза, хIунда аьлча иза йихкинчул тIаьхьа бусалбачарна цхьа кхин хIума дехка а мега цо“.

Имам Мусас ма-аллара, никъабна тIера доладелла кхечу бусалба духарш дехкарна тIе а гIуллакх долуш хилар гойту Францехь хьастагIа бусалба зударшна буркини олучу хIурдалахь я бассейнехь луьйчуш тIедуху духар дехкаро.

Цкъа хьалха Каннашкахь юккъебаьккхина хилла и бехкам пIераскан дийнахь Ниццерчу пляжашкахь а баржийна цу гIалин урхалло. „Йоллу юхь а, дегI а дIакъовлуш пляже эхар социалан юкъаметтигех вайн болчу кхетамца цхьаьна ца догIу“ - иштта кхетийра Ниццин мэран гIоьнчано Эстрози Кристиана шайн сацам. Ткъа Каннийн мэр волчу Лиснар Давида и буркиниш хиллане а исламхойн экстремизман символ ю элира.

Ниццехь хIурдана гена йоцуш Iачу вайн махкахочо Сардалова Элизас ша ца кхета цу сацамах бохуш дийцира Маршо радионе. Ах берзина бевлла нах хIурдалахь лийчар новкъадоцучарна дIакъовлабелла зударий цу чохь лийчар стенна новкъа хуьлу -те бохуш хоьтту цо.

Сардалова: „Со цу хIурда чохь луьйцуш яц, наггахь цу хи йистехь йолало со. Цигахь го суна и буркини йоьзна луьйцуш болу зударий. Уьш цхьанна а новкъа а ца хуьлу, уьш хьанна новкъа бу-м ца хаьа суна. Кест-кеста цхьацца керла исламца йоьзна тема карайо кхарна, хIинца и буркини карийна. Цу хIурда чохь луьйчуш берзина бевлла зударий а, стегарий а хуьлу. Уьш ма ца хуьлу цхьанна а новкъа. Вайца шайн цабезам хилар гойтуш хета суна уьш иштта хIумнаш юккъедахарца“.

Цу юкъана Европехь хьалхарчех никъаб лелор юкъараллехь дихкинчу Францин болам Малхбузенан кхечу пачхьалкхашкахь а баржа гIерташ бу. Австрехь, масала, интеграцин министраллин лаамца, гурахь садоIаршкара парламентхой балха арабевлла дийцаре дилла там бу никъаб ехкарх долу низам. Ткъа цул тIаьхьа, хетарехь, буркини а шен роже хьежа юьссур ю, Францехь санна.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG