ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчоьхь лаххара а 50 стаг вийна мехкан малхбалерчу ГIазиантеп гIалахь доьдучу ловзаргахь шоьтан сарахь ша-шен эккхийтинчу стага. Лазийна цигахь 94 стаг. Хаамбина кIоштан губернаторо.

Президента ЭрдогIана, иккхинарг 12-14 шо долу бер ду, «Исламан пачхьалкх» олу тоба хила тарло зуламна тIехьа, аьлла. Цунна хетарехь, къаьмнашна а, динашна а юкъа питана таса баьккхина бохам бу иза. Цкъачунна эккхийтар шена тIе ца эцна цхьаммо а. Шемин дозанна 60 чаккхарма юьстах лаьтта туркойн ГIазиантеп.

XS
SM
MD
LG