ТIекхочийла долу линкаш

Шайн а, луларчу Беларусан а дозане кхаьчначу цхьана вевзаш волчу оьрсийн яздархочо политикан тховкIело ехна шега, хаамбо Киево. Нови Яриловичи цIе йолчу дозан ханехь кIирандийнахь дахар шен Iалашдар дехначу яздархочун цIе йовзуьйтуш яц.

«Путинна дуьхьал латточу протестан акцешкахь жигара дакъалоцуш лелла» ву иза, хоуьйту Киево. Маршо Радиоца къамелдеш арахьарчу гIуллакхийн векало Макеев Алексейс элира, яздархочун дехар толлуш ду, деношкахь алссам хоуьйтур ду шаьш.

ТIаьххьарчу шерашкахь дуккхаъчу Оьрсийчуьрчу оппозицин векалша ехна Украине тховкIело, массеран а бахьана цхьаъ ду – Оьрсийчоьно царна тIехь репресси еш хилар.

ТIаьххьара беъначу хаамца, Украине политикан тховкIело ехнарг ву Москохара протестан боламийн жигархо Рословцев Роман.

XS
SM
MD
LG