ТIекхочийла долу линкаш

Хьалхо тIалибаша дIалаьцна хилла КIундуз гIалин гонаш мукъабаьхна ОвхIанистанан Iедалан ницкъаша. Цигарчу губернаторо хаамбина Маршо Радиога, шаьш шоьтан сарахь ХIанабад гIала юха а яьккхина, цуьнан администрацин гIишлонтIехула пачхьалкхан байракх а ловзу, аьлла. ТIалибашлахь меттигера тIемалой хилла ца Iаш, узбекаш а, нохчий а бу, царна урхалла Пакистанера схьа деш а ду, аьлла КIундузан губернаторо. Дийнахь лаьттина ХIанабад а, кхин массех а кIошт тIалибийн карахь.

XS
SM
MD
LG