ТIекхочийла долу линкаш

Дагестанерчу ЦунтIан кIоштарчу Макок юьртахь 20 сов нехан хIусам яьгна кIирандийнахь яьллачу цIергахь. Луларчу Цибари юьртарчу школе дIагулвина кхерч баьгна 200 гергга вахархо. Лазийна стаг ву аьлла хаам бац. Цхьана цIийнах а летта яьржина цIе яйъина сарахьо, хаамбо Дагестанан орцанан министралло.

Ишта нехан хIусамах цIеяьлла, цIа даьгна кIиранан сарахь Нохчийчуьрчу Соьлжан кIоштарчу Аьргачу-Хишкахь(Серноводск). Московская урамехь а, хаам баржийна Нохчийчоьнан орцан министралло. Кху муьрехь а лах ца луш аьхкенан тов лаьтта Кавказехь – цIерш лелхаран коьрта бахьана иза ду.

XS
SM
MD
LG