ТIекхочийла долу линкаш

Марсхьокху-баттахь «Бакъонан инициатива» фондо зорбанехь зударий сунтбеш Дагестанехь практика хилар дуьйцуш, Iораьяьккхина рапорт бахьанехь дуккхаъчу гонашкахь дижа ца дуьтуш кеп-кепара дийцарш, хетарш ду тахана а.

Санитаран хьелаш ца лардеш, адамийн бакъонаш а хьоьшуш кхуьучу зудаберашна тIехь къизалла лелоро Iадийна дуьненан бакъоларъярхой.

Чевнна тIе туьха тосуш санна хетало, Къилбседа-Кавказерчу бусулбачийн координацин юкъараллан куьйгалхочо Бердиев ИсмаьIала «Интерфакс» агенталле оцу ламастах шена хетарг алар.

Иштта боху Бердиевс: «ЛаьттатIехь шайн догIмийн лаамашна тIаьхьа а бевлла, кеп-кепара маьттазалла ца лелаяйтархьама массо а зуда яра сунтъян езаш.

Бераш дуьненчу даха а, уьш кхио а кхоьллина ю зуда, ткъа сунтъяро ца йо новкъарло шен декхарш цунна кхочушдарехь.

Ца хуьлу зудчун могашаллина цхьана а кепара зен. Амма зуда Iехош болу лаамаш цаьргахь кIезиг хилча, кху дуьненчохь маьттазалла хир яцара», боху Бердиев ИсмаьIала.

Ткъа зударийн агIончаша, шайн рапортехь, и тайпа операцеш наггахь бен ца йо боху медицинан хьелашкахь, санитаран нормано ма хьоьхху. Дуккха а масалш ду боху цара, йина операци ца йоьрзуш, чевнаша сагатдеш, зударша бала хьегна.

Iеламчас харц ца до Дагестанехь цхьайолчу ламанан кIотаршкахь зударий сунтбеш ламаст тахана а схьадохьуш хилар.

Оцу юкъанна, Къуран дика девзачу Бердиев ИсмаьIала даредо, Исламо зударий сунтбар тIедиллина фарз дац, амма дуьххьал дIа дагестанхойн ламаст ду и бохуш.

Бакъонашларъярхоша бинчу талламашца, зударий сунтбар эвсара ду къаьсттина лаьмнийн Цумадинан, Ботлихан, Цунтинан, Бежтинан а кIошташкахь.

Цара баилгалдаккхарехь, оцу операцех чекхдоху дай-наноша шайн зудабераш 3 шо дуьзначул тIаьхьа. Наггахь нисло I2 шо кхаьчначул тIаьхьа йоI сунтъяр.

Кху деношкахь цхьа могIа дуьненаюкъарчу бакъоларъярхоша зорбанехь яздо, оцу къизачу ламасто зударийн ян а йоцу бакъонаш хьоьшуш хилар. Иза дискриминаци а, адамна тIехь ницкъбар а лору цара.

Къилбаседа кавказерчу бусулбачийн координацин куьйгалхочо Бердиев ИсмаьIала, рогIерчу къамелехь керсто хьалхо ша аьллачу дешнашна. «Сох нийса ца кхетта, я кхета ца лиина. Хьалха айса аьллачунна тIехь ву со, амма ас ца кхайкхийна Оьрсийчоьнан массо а зуда сунтъян», боху цо.

Нохчийчьурчу бахархойн дог-ойла йовза лиира Маршо Радиона. Бердиев ИсмаьIала хьоьхург кхочушден ламаст карладаьккхича буй-те хила пайда, аьлла хаьттира оха Ноьвр-кIоштарчу вахархочуьнга Израилов Абуга.

Иштта бу цуьнан хьажам.

Израилов: «Суна лартIахь ца хета и хIума я суна бевзачарна а. Оцу Бердиевс дина дIахьедар дешна ас интернетехь. Масала, тахана со зуда яло везаш ву, цхьана йоIана чIогIа тIаьхьаваьлла со, иза езаелла, сан амалца йогIуш а ю иза, церан нахана а реза а ву со, сан нахана церан нах а.

Амма оцу йоьIан цхьана а кепара соьца марзо яц. Шена хьо ца оьшу боху цо, хьо ца хилча а со суо а яхалур ю. Суна сайн тIаьхье хийлийта а лаьа, ткъа оцу йоьIан соьца цхьа а кепара шовкъ яц. И муха хуьлу тIаккха?

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG