ТIекхочийла долу линкаш

Токио дIайоьду Рио-де-Жанейрора Олимпан байракх


Рио-де-Жанейрохь Маракана стадионехь карнавалца чекхдевлла Iамеркан контитнетатIехь дуьххьара хилла 16-дийнан аьхкенан Олимпан ловзарш. Официалехь уьш дерзийна дуьненанюкъарчу Олимпан комитетан президенто Бах Томаса.

206 махкара 11300 спортхо вара цигахь дакъалоцуш, шайлахь духхьара массех махкарчу мухIажирех вовшахтоьхна тоба а йолуш. Олимпан цIе яйале Баха элира: «Iаламат хазачу гIалахь вовшахкхетта Iаламат хаза олимпиада яра хIара».

РогIерчу, 2020-чу шарахь хила езачу олимпиадан мохк бовзуьйтуш, Баха байракх елира Токион губернаторе Койке Юрикога.

Цхьа а кхерамзалла йохош инцидент ца оьккхуш йирзина олимпиада.

Допингаш лелоран проблемаца доьзна Оьрсийчоьне I20 спортхо шайн тобане ца ваккхавеллехь а, боьалгIа меттиг дIалаьцна цо олимпиадехь. Хьалха ю Цхьанатоьхна Штаташ, шолгIа – Британи, кхоалгIа – Китай. Олимпиадан чаккхенах лаьцна алсамо дуьйцур ду оха тIаьхьо.

XS
SM
MD
LG