ТIекхочийла долу линкаш

Абдулаев Леча

***

Сахьийза. Стенна сахьийза?

Сагатло. Стенна сагатло?

Хетало, бIаьрга буй хьийзош,

Седарчийн белхар до батто.

Цицигах хьекхало когах,

Бер санна, схьа мара хьерча

Мела хIуо. Хьесталун хIуо гой,

Когаш тIехь ийъало хьечаш.

Чилланан цкъар хеза уллохь,

ДIанехьо бухIа а ека.

Сан хьеший, жим-жима гуллуш,

Схьагулло, сайн гIайгIа екъа.

Беттаса хьалхачул бIаьрла

Схьакхета. Кхойкху дIо-о боргIал.

ТIаьххьара беца хал аьлла

Сан хьеший набарах бовлу.

Со-суо ца кхетачух кхетий,

Сан гIайгIа дIаоьцу ерриг,

Суна сайх царех цхьаъ хеттал –

Гаьннех – га, бецах – цхьа хелиг…

Абдулаев Леча

Леча Шарипович Абдулаев (1953, Чиллан-беттан 15 - гIа де ) — нохчийн яздархо, поэт, публицист, гочдархо, Нохчийн Республикан а, Оьрсийчоьнан а яздархойн Кхеташонан декъашхо, Нохчийн Республикан а, ОЬрсийчоьнан журналистийн Бертан декъашхо, Нохчийн Республикан Халкъан поэт.

XS
SM
MD
LG