ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эльдерханова Зайнап. Іер-дахарх а, кхечух а ойланаш...


Chechnya --Woman in the garden, 2016
Chechnya --Woman in the garden, 2016

Іер-дахарх а, кхечух а ойланаш...

Эльдерханова Зайнап

Іуьйре хаза хан ю... Бакъду, цхьаболчу нахана-м цкъа а хуур а дац иза иштта юйла. Наб ю бехке. Къанвала воьлча а хилла юьртара Іуьйренаш къаьсттина хазахеташ. ХІаваъ уьнах цІена, керла, бецан тхи – Іаламан цергех дийлина хи... дитташна тІера илланчийн тоба... хьан кертарчу синтар тІера чІегІардиг цхьа дар-дацарш дІахьедеш хеза лулахойн агІора схьа яппарш ечу чІегІардиге.

КетІахь, «маъ-муъ» деш партала техкаш, хеза юьртах арабала кечбеллачу бажан гІовгІа. Дика хета, кхачана а, дарбана а цІена хьелийн даьтта эшча, юьртахь бежанаш кхобуш зударий хилар. ХІокху хайра дайъинчу заманахь къар ца луш, бежанаш кхобуш верг хьуьнар долуш ву-кх.

Вайн заманан «турпалхой» бу и тайпа зударий. КетІахь лаьтта со, балха яха дагахь, машене хьоьжуш. Иштта суо лаьтташ, цхьа ши де хьалха фейсбук тІехь йолчу сайн агІонна тІе даийтина сурт дагадогІий хьоьжу со оцу юьртахоша беже дІалоьхкучу хьийкъинчу бежанашка. Дуьнен чохь а тоьлла лоручу немцойн «BMW» машенан капотан буьххье баьлла дІабижна кІайн-Іаьржа етт бара цу суьрта тІехь...

Дуьхьала комментари язйо ас: «Экологин хьал ша доьдучу новкъа тахана санна каде додахь, и етт, вай машен тІехь лелийна а ца Іаш, карахь-марахь техкорна кхерам бу кестта: «Уьнах цІена сурсат луш болу, тхан хьоме етт!».

Вайн даар космонавтийн санна ма ду, тюбикашна, банканашна, гІутакхашна чуьра. Вайна цІеначу ялтин чам баьккхича бовза а хуур ма дац, «хими» юуш дехаш долу вай кхералур ду ваьш цхьа ца оьшург юу моттаделла.

Іуьйре юьртахь хаза хуьлу, кху хенахь муххале а. ТІе хохийн хІу тесча, хох хьалакъедна хаза гуш ду хас. Хьажахь, Дала хьалха санна, хІинца а тІеболуьйту-кх хІара сийна хох, вайн Іесалле, вайн дагтІе еанчу куралле ца хьоьжуш...

Буьйнахь хьоьстуш хи кхорзу ас айса яьккхинчу хохийн курсах. Ваьш дузор долчу лаьтте ца кхобуьйтуш, вай сатуьйсу «сертификаташка», «компенсацешка», стенга а.

Іуьйре дІаяьлча суьйре а ма йогІу юьртахь хаза. Цхьацца хенахь мела, хаза, комаьрша догІа догІуш, ламазана кхойкхуш хезаш молла а волуш, геннахь цхьаммо доьшуш долчу Къуръанан мукъаме ла а доьгІуш Іаш: «цатемашца, халонашца дехаш делахь а, хаза ю-кх шу, Даймехкан Іуьйренаш а, суьйренаш а!...» – олий ойла хьоду замано хьеребинчу коьрте.

XS
SM
MD
LG