ТIекхочийла долу линкаш

Паччахь ю со хIинца

Ахматова Раиса

Паччахь ю со хIинца. Шорта ду хьал а,

Дуьненан хазалла - ерриг сан ю.

Вола сан хIусаме - ахпаччахьалла,

Ахь дехахь, и хьуна ас дIалур ду.

Ахь ехахь - дIалур ю аренаш, хьаннаш,

ХIаваэхь тохкур ду ас хьуна тIеш.

Лелачу некъашка, кузашка яржош,

Тосур ю стиглара кIеда мархаш.

Ахь дехнарг дерриг а дIалур ду хьуна,

Седарчий хорханаш езахь лур ю.

Сел боккха ницкъ болчу ирсечу суна

Хьо а ишшта ирс долуш ган луур ду.

Дехахьа... ХIинца а ца хьа хьуна -

Хьан безам буйла и ницкъ белларг хьуна?!

Ахматова Раиса йина 1928-чу шеран гIуран-беттан 13-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь. 1943-чу шарахь цо чекхъяьккхира Соьлж-ГIара хьехархойн юккъера доьшийла. 1958-чу шарахь иза деша яхара Москох СССР-н яздархойн Бартехула йолчу Лаккхарчу литературан курсашка. Уьш чекх я яьхна, цIа еанчул тIаьхьа Азматова Раиса Нохч-ГIалгIайн респубдикан синбахамаллин министран куьйгаметта хIоттийра. Иза Нохч-ГIалгIайн АССР-ан яздархойн Бертан гIентда а яра (1961-1983), ЧИАССР-н Лаккхарчу Кхеташонан гIентда яра (1963-1985). Цо язйина иттанаш книшкаш ю зорбанеяьхна. Цуьнан байташ дуккха а меттанашкахь арайийлина. Иза цхьаъ бен нохчийн зуда яц "Нохч-ГIалгIайн республикан къоман поэт". Цхьаболчу талламхошна хетарехь цуьнан кхоллараллин белхан ерриг архива (600 сов папка) Оьрсийчоьнна - Нохчийчоьнна (1994-1996) хьалхарчу тIамехь егира. 2012-чу шарахь Ахматова Раиса а, Жумалаева Лулала дуьненан зударийн анталоги юккъетоьхна нохчийн поэзин векалш санна. Шен дахаран тIаьхьарчу шерашкахь цо куьйгалла дира Совет Пачхьалкхан синбахамаллаин фондана. Ахматова Раисан дуьненан некъ хедира 1992 шеран 29 дечкен-беттан дийнахь.

XS
SM
MD
LG