ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гюмрихь 7 стаг вийначу оьрсийчун кхел йирзина


Эрмалойчохь кхело бехке а вина, оьмар кхачаяллалц набахтехь кхаба хан кхайкхийна оьрсийн салтичунна Пермяков Валерийна, цо шайн махкахь, Оьрсийчоьнан гарнизон лаьттачу Гюмри гIаларчу цхьана доьзалехь, 7 стаг верна.

Гюмрихь шинарийдийнахь йирзинчу кхело билгал ца даьккхина стенгахь токхур ю цо хан. Шо хьалха ша кегий берашца цхьаьна нах байича, эскаран декъера ведира Пермяков, лецира эрмалойн дозанхоша Туркойчу воьдуш.

Стохка Оьрсийчоьнан тIеман кхело бехке вира салти шен декъера вадарна, кхайкхийра 10 шарна набахти, цул тIаьхьа дIавелира, бахархойн протесташ хьалха а евлла,цо зулам динчу Эрмалойчоьне.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG