ТIекхочийла долу линкаш

Балтин мехкаш атлантикан альянсо шен турса кIел кхобур бу, аьлла Iамеркан Штатийн вице-президенто Байден Джос. Цо дехна Эстонин, Латвин, Литуван президенташка шайн махкахь президентан дарж къовсуш волчу кандидата Трамп Дональдо ша Штатийн куьйгалле вагIахь НАТО-н Iуьналлехь латтор бац цхьаболу мехкаш бохург тергоне ца эцар.

Ригехь шинарийдийнахь къамелдеш Байдена элира, Трампа дуьйцург дош доцург ду, НАТО-х дерг Штаташкахь шина а партино – демократаша а, консерваторша а къастош ду, элира.

Бут хьалха Атлантикан альянсо бартбира Оьрсийчоь тIелатарх богучу Балтин мехкашкахь а, Полшехь а хIаваан а, хIордан а тIеман ницкъаш совбаха.

Iамеркан Штатийн вице-президент Риге вар нисделла Молотов-Риббентропа пакт тIечIагдинчу денца. 77 шо хьалха нацистийн Германиной, Советан пачхьалкхой вовшашца йийкъира Малхбалера Европа, Балтикана Сталинан Iедало аннекси а еш.

XS
SM
MD
LG