ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарийчоьнан парламентан спикеро Лариджани Iелас дIахьедина, Шемара Iалашонашна ракеташ, бомбанаш етта Оьрсийчоьнан кеманаш хIинца ду гIуттуш шайн махкарчу тIеман базера, аьлла. Амма цул де хьалха элира ТехIеранан дипломатин векало, ХIамадан авибаза мукъаяьлла Оьрсийчоьнан кеманех. Шинарийдийнахь парламентан кхеташонехь хазийра шен шеко Лариджанис. Москох а, ТехIеран а ю Шемин президентехьа, церан гIоьнца вах а велла Асад Башар шегарчу даржехь. «Вай Оьрсийчоьнна елла яц ХIамаданера база, цунна магийнарг цигахь кеманаш ягочух дузар бен дацара», - элира гIажаройн спикеро.

XS
SM
MD
LG