ТIекхочийла долу линкаш

Юккъерчу Италехь мохкбегорах беллачийн терахь кхуьуш ду, тIаьххьара хаийтинарг 60 совдолу, Iедална тIе а тевшаш, хаийтина Рейтерсо. 100 сов ларало вайна а. Кхаарийн буса бегийна мохк, 6,2 балл ластамехь.

Эпицентр нисъелла Аматриче, Аккумоли гIланашка, Поста, Аркуата-дел-Тронто а, Лацио а кIошташка. Аматриче гIалин мэра Пироцци Серджиос хаамбина, «ах гIала» йохийна, ткъа дуккха а бахархой херцаршна юкъахь бисина аьлла. Ерриг санна йохийна Аккумоли гIала, доьхна тIай, хала ду орцанхошна бохам хиллачу меттигашка кхача.

Мохк бегалуш хааделла Римехь а. 2009-чцу шарахь мохк а бегийна, 300 сов стаг велира Италерчу Л'Акуила гIалахь.

XS
SM
MD
LG