ТIекхочийла долу линкаш

Шемахь тIеман операци йолийна Туркойчоьно


Шемин Iедало бехкбиллина Туркойчоьнна шен къилбаседанехьарчу агIонна тIелатарна. ДIахьедар даржийна президентан Асадан гоно туркойн танканаш Шемарчу ДАIИШ-ан каппашна тIегIоьртина массех сахьт даьлча. Iамеркан Штатийн кеманаша гIо а деш, Шемарчу оппозицин тобанашца цхьаьна долийна Туркойчоьно шен дозанна гергара «Исламан пачхьалкх» олучу тобан дакъош дохо.

Кхаарийн Iуьрре йолийна операци. Иза цхьанадогIу Хонкара президентца ЭрдохIанца а, премьер-министрца Йылдырым Биналица бертан къамелдан Iамеркан Штатийн вице-президент Байден Джо варца. ВогIучу новкъахь Байдена элира журналисташка, Вашингтон синхронехь хир ю Туркойчоьно Шемин дозанехь йолийначу операцица.

Жараблис гIалина тIе туркойн танканаша хIоьънаш деттачу юкъанна кхаьчна Байден Хонкара. Цхьаьнакхетаро Вашингтонанний, Хонкаранний Туркойчохь карчам эккхийта оппозици гIоьртича юкъайоьлла херо дIаяккхаре сатуьйсу агIонаша.

ЭрдохIана Штатийн векал шаьш долчу ван де дуьсуш элира, шайн къамелехь Штаташкахь къайлаваьлла веха оппозицин лидер Гюлен ФетхIуллахI Хонкаран каравалар хир ду уггаре хьалхара хаттар.

XS
SM
MD
LG