ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн гIамаршка хи кхочур ду кеста


Нохчийчоьнан к1илбаседанера агIо – Шелковскан а, Невран а кIошташ ю гIамаран аренех, еса меттигаш дукха елахь а, хих якъо латтаре терра, к1езиг пайда оьцу махко. И хьал хийца ларам дуккха а хан хьалха дуйьна лелла Нохчийчоьнан урхалхойн.

Наг-наггахь масех цIийнах лаьтта жима кIотар а хаалуш,ишта юкъ-кара доцург даьхний кхобу жоьла а ца гуш, дукха латтанаш ду Новр кIоштан, Ставропол мехкаца доза догIуш,халкъалахь олуш ма-хиллара бIаьрго ма лоццу гIамарш йолуш. Дежийлийн щорто хиларна кхузахь жима таро йолчу коьрта болх бара даьхнийкхабар.

Ткъа ялташ кхиор, бахархоша шаьш даре а деш ,дукха хьолехь зене доьрзу кхузахь,догIа дилхича а,гIамарш бахьнехь сиха йокъа хIуттуш хиларна. И кхачамбацар яханчу хенехь а дитина, официало гIардаьккхина ма-хиллара, кхузахь токхо кхолла Iалашо лаьцна меттигерчу Iедало. Новр кIоштан гIамаршкахь Капустино эвлана гергахь еш ю водохранилище олу хилаттийла.

МаьхькIамхоша чIагIдарехь, хIинцале чекхбаьккхина цуьнан хьалхара мур - Ставропол мехкан Теркан-Кумск канала тIера схьадалош ду 31 чакхарма деха ,шех хидоькъийла олу Новр-Шелковс канал. ГIамарш йоькъуш чекхдолучу цу хинан,мехала некъаш долчохь тIеш а тохкуш, хилаттийла ярехь шолгIа мур дIаболор бу,Iедалан хьостано дийцарехь, тIедогIучу шеран юьххьехь.

Юьртабахаман министараллин говзанчаша хааме даккхарца цу проектан мах бу 2 миллиард сом. Цигахь гуламехь латточу хино таро лур Невран, Шелковск кIоштийн кхаш-аренашкахь хинан кхачо хилийтарехь,дуьйш-дерзо латтанаш алсамдахарехь.

«Шех пайдаэца йиш йолуш, 400 гектар сов меттиг дIалоцуш, цигахь тIаьхьалонна латталур ду 21 миллион кубометр хи,II метр гергга кIоргалла а йолуш. И проект дахаре ерзо юьхьарлаьцна хилла коммунистийн Iедал долуш дуьйна схьа 1986 шарахь,амма Нохчийчохь лилхинчу тIемашца доьзна тIаьхьатиттина… И хилаттийла йина яьккхича, хIинццалц йокъа лаьттинчу гIамаршкахь массо тайпа ялташ а кхиалур ду,цул сов эзар сов керла белхан меттигаш евр ю бахархошна».

Герггарчу барамехь ишта официалан хаам дIасабаржийна махкахь Капустино эвлана гергахь еш йолчу хилаттийлин таронийн хьокъехь.

МогIарерчу наха баккхийбеш тIеоьцу гIамарш «деньян» санна схьадалош долу хи а.цигахь хинболу хийцамаш а. Царна хетарехь берриг белхаш дIабирзича шиъ хинан бассейн хир ю Капустино юьртана юххехь- мацах –мацах дуьйна хилларг а,хIинца тIе еш ерг а.

Вахархо: « Канал ду схьадалош,Ставропол махкара. Ши ишал хир ю боху,кхузахь а дIо-а дехьа юьртана гергахь а. Кемаш а денйийр ю боху кху гIамаршкахь. Дуьйш-дерзош ялташ а хир ду боху..»

Сан къамел деъна цигахь къахьоьгучу белхалошца а. Цара дийцарехь цигара хилаттийла йина яьккхича, чIерийлецар биста кхаччалц дукха садаIа меттигаш кхуллур йолуш ю хина аймина гонах. Бакъду бохура цара садаIар маьхаза хилийта дагахь бац Iедалхой.

Белхало: «Терско-Кумски канал тIера охьадалош ду хи. ДIо юрт гой хьуна цунна аьрро агIор хир ю хинан айма. 500 гектар латта дIалоцур ду хино. ХIинца оцу юьрта барам схьаэцча,и саннарг 5-6 юрт хиллал меттиг дIалоцу хино. Кхузахь массо а хIума мехах хир ду боху: чIерийлецар а,садаIар а. Массо тайпа ловзарш долуш кечйийр ю меттигаш. ХIара хилаттийла йина яьлча,йокъалло бала хьоьгуьйтур бац латталелорхошка а. Хинан кхачо хир ю кху буруны олучу меттигашкахь…»

Мухха делахь а шайн гIамаршкахь оазис тайппа меттиг хирг хиларх боккха кхаъ хилла Теркаца Iохкучу ярташкахь бехачу дукха бахархошна.

Иза кхето хала а дац. Стенна аьлча охьадоьдуш Къилбаседа Кавказехь а уггар доккхучех Терк хи делахь а кхечу меттигашкахь санна, масала Астрахан кIоштехь санна, цхьа наггахь чIара лацар а, лийчар а доцург цу тIера схьа хи далийна Iам бина, ишал йина я гIадал гIаддайча пруд бина а цунах пайдаоьцуш бан а бац.

Вуьшта аьлча Iедалхоша кхоьллина яц берашна а,зударшна а цхьа цхьаъ кхерамазалла а йолуш лийча меттиг. Кхузара цхьаболу бахархой дегайовха бу Таркхойн хIорд тIе кхаччалц 300-400 чакхарма гена эха а ца дезаш шайн куьг кхочехь лийча а,садаIа а кесталгIа меттиг хир ю аьлла.

XS
SM
MD
LG