ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанистанан коьртачу шахьарера Кабулерчу Iамеркан университетна кхаарийдинйхь буса герзхоша динчу тIелатарехь вийна 13 стаг, царлахь ву 7 студент. 30 гергга студентна а, масех полисхочунна а кеп-кепара чевнаш йина. Меттигерчу полисхойн хаамашна тIе а тевжаш, Би-Би-си-но бина и хаам.

Юьхьанца студенташа садоIучу хIусамчохь эккхийтар динера, цул тIаьхьа герзаш детта долийна. Цхьаболу дешархой шайн-шайн чоьнашчохь левчкъина хилла, вукхара социалан зIенашкахула орца доьхуш, хаамаш кхехьийтина. Университетан гIишло террорхойх мукъайоккхуш 10 сахьтехь операци дIаяьхьна полисхоша. Iедалан хаамашца, тIелеттачарлахь хилла Iожалхой а. Цкъачунна терроран тохар цхьаммо а шена тIе ца эцна.

2006-чу шарахь схьайиллина Кабулехь Iамеркан университет. Эзар сов студент ву цигахь доьшуш.

XS
SM
MD
LG