ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIазакхийн могIаршка хIиттаза дара вай!


Сунжа кIоштера "ГIалгIазкхийн гуо" олу тоба ГIалгIайн махкахь кхоьллинера 2013 шарахь.

Цу юккъе хIетахь боьлхура меттигера бахархой, оьрсийн къомах болу. ХIинца-м и могIанаш дистина, цу юккъе боьлхучу гIалгIайх а.

Шайн и гуо кхин а дIа кхиийтархьама Теркан тIеман гIалгIазкхийн тобанна юккъе баха гIерта цигарнаш.

Ала догIу, оцу Теркан тобанна юккъахь Ставрополан, Теркан-Малкинан, Аланан, ГIизларан гуонаш ду юккъедоьлхуш.

ХIун Iалашонаш а, бахьанаш а ду, ГIалгIайн махкахь гIалгIазкхийн тобанаш кхоллар, аьлла и хаттар Маршо радионо делира керла хаьржинчу атамане, ГIалгIайн парламентан депутате Светличный Василийга. Цо иштта жоп делира.

Светличный: «Оьрсийн къомах кхузахь бисина дукха а бац. Уьш бу цу юккъе баха лаам хилла. 300 сов стаг ву реза хилла. Иза тIаьхье ю кхузахь баьхначу гIалгIазкхийн. Церан кIорга орамаш а ду церан. Оцу хьокъехь уьш цхьа дакъа ду. Важа дакъа-гIалгIай бу. Церан а кIорге бахьана ду гIалгIазкхийн могIанашна юккъе баха. Церан дай Брусилован чекхдаларан декъашхой хилла. Шай майраллийца а, къонахаллийца гайтина цара Оьрсийочоь шайн Боккха Даймохк бу аьлла».

Меттигерачу оьрсех 320 стаг бен вац гIалгIайзкхийн тобанна юккъе вахана. Атамана Светличный Василийс хаам барехь, 5 эзар сов гIалгIай а ву шайн могIанашна юккъахь.

Ала догIу, хIинцалца гIалгIайн, гIалгIайзкхийн атаман вара Батыров Мохьмад. Дукха хан йоцуш харжамаш а бина Светличный Василий хаьржинера.

Тахана Оьрсйчоьнан Къилбехьахь, гIалгIазкхашна дукха аьттонаш белла Iедалша. Полицийн гIонна олий, шедданаш а оьций арабовлу уьш урамашка, тIеман духар а духий. Харцахьа лелаш ву аьлла хетачунна и шед кхоа а ца еш тIеетта. ХIетте а, шайна кхачам болуш терго еш яц Iедалша, аьлла хета цхьаболчу гIалгIазкхашна. Литвин Николай бохучу гIалгIазкхийн инарлас иштта элира Маршо радиога.

Литвин: «Динан дуьхьа а, паччахьан дуьхьа а, президентан куьйга кIелахь. Меттигашца хийцарх, жамI хийца цало. Суна президент-паччахь ву. ГIалгIазкхи паччахь ца хилча-гIалгIазкхи вац. Коррупцино хIаллак деш ду ша дерриг. Массарна а кхочу, артисташна, футболисташна а кхочу хIума. Ткъа, гIалгIазкхашна ца кхочу.

Суна хетарехь, Оьрсийчоь тахана кийча яц, керстан динан гIароллехь лаьттачу гIалгIазкхашна дуьхьала ерза».

Нохчийчохь а, цхьана юкъана цхьа на буьйлабеллера гIалгIазкхийн тобанаш кхолла, цу юккъе нохчий а оьцуш. Амма дукха ца лаьттира иза, шаьш нохчаша тIе ца эцна дела. ГIалгIазкхийн могIанаш, стенна кхоьллина хилла а, уьш нохчашна юккъахь хIунда ца баьржина а дийцира Шелковски кIоштан вахархочо Коканаев Руслана.

Коканаев: «Кху Нохчийчохь гIалгIазкхий хIара мохк схьабаккха баьхкина ма хиллий. Iедалша царна ахча а луш, дозанаш а луш, латта а луш, нохчашкара схьадаьккхина.. Нохчашна дуьхьал, динна дуьхьала юккъебаьхна уьш. Кху Нохчийчохь суна гина а бац уьш».

Дуккха а меттигаш ю Кавказехь, бакъболу дай дIа а хилла, цу метте керланиш, охьа а хевшина, шайна мехаллаш а, яххьаш яржийна.

Кавказ ницкъаца караерзор, мацца а марах дериг хилар диц а лой, шайн шира истори а, оьзда, адамаллийн бух тIехь долу ламасташ а долуш бехачарна керла къепе хIоттайо.

200-300 бIе шарахь, ша Кавказан долалле хIоьттича дуьйнна Оьрсийчоьнна бала а ца кхаьчна кавказхойх кхета. ТIехула дерриг тийна хилчхьана, бухахь кхехкаш хиларх мега, схьагарехь.

XS
SM
MD
LG