ТIекхочийла долу линкаш

Кадыров Рамзан реза вац махкарчу олимпахошна.

"Олимпиадехь ца даккхалой шуьга деши, дакхалур ду Колымахь" - аьлла бах Сталина. Иза дагадоуьйту Кадыровс къовсамашкара деши а доцуш цIаоьхуцчу нохчийн спортхошна ден дов. Боксер Мурзабеков Висхан Екатеринбургера эшна цIаварах лаьцна цо дина къамел гайтира ГрозныйТV-но.

Кадыров Рамзана гездоху "эхь" хIара ду - лаккхара корматалла йолчу оьрсийчуьнца Евченко Алексейца леташ Мурзабеков Висханан эшар.

Тидам тIеберзош момент ю кху видеохь 16.21 минотехь. Комментаторо дийцарехь, Висхане телефон тоьхна боксан пхоьлгIа раунд а йирзина, иза рогIерчунна кечлучу юкъанна.

Мила хила тарло, йоьдучу чемпионате, леташ воллучу спортхочуьнга телефон а тоьхна, иза марсаваккха гIертарг? Мила ву къовсамна юкъагIорта ницкъ болуш?..

XS
SM
MD
LG