ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчоьнан Къилба Малхбалерчу Джизра гIаларчу полисхойн декъанна динчу тIелатарехь 11 стаг вийна, 80 чевнаш йина, аьлла хаамбо Рейтерс агенталло. Молхана юьйлина машен эккхийтина пIераскана полисхойн хьукматна 50 метар генахь. Туркойчоьнан эскаро Шемарчу Джелабрус гIалахь тIемаш болийна ши де даьлча дина эккхийтар.

Туркойн эскаран Iалашо ю регионера ДАIИШ-хой арабаьхна ца Iаш, курдойн гIаттамхой а лелхо, алла дIахьедина пачхьалкхан премьер-министро Йылдырым Биналис. Курдойх юьзна ю Джизре гIала. Туркойн полисхойшна а, Хонкаро шайн дозантIехь теракташ ярна бехке ечу Курдойн Белхан партин декъашхошна а юкъахь дахначу шарахь а хиллера тIеман тийсадаларш.

Курдойн жигархоша хIетахь дIахьедиар, байинчарлахь дукхахберш маьрша бахархой бу аьлла.

XS
SM
MD
LG