ТIекхочийла долу линкаш

Лучу алапано хьехархошна баха таро а цало, цуьнан болх нах хьоьгучух а бац аьлла хета Оьрсийчуьрчу 42 процент бахархошна. Ткъа ши шо хьалха и аьлла хетарш 29 процент нах бен бацара. Хаттам дIабаьхьнарг ю Оьрсийчуьра социологин ВЦИОМ центр.

Кху беттан юьххьехь цхьана кхеташонехь Дагестанерчу хьехархочо шега алапех лаьцна динчу хаттарна жор луш Медведевс элира, «алапано ша кхобуш вацахь, бизнес а лело еза хьехархочо».

Цуьнан къамел ца тайнера Оьрсийчуьрчу педагогашна. Иштта, кхо бутт хьалха ГIирмерчу къаноша шайн пенсеш лахара ду аьлла латкъам бича аьллера премьер-министро, «пачхьалкхехь ахча дац, аш сатоха».

XS
SM
MD
LG