ТIекхочийла долу линкаш

Шемарчу хьолан хьокъехь Женеве дийцаршка веанчу Iамеркан пачхьалкхан секретарь Керри Джоннах а, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрах Лавров Сергейх а кхетта Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн оргнаизацин лерина векал Стаффан де Мистура. Шемарчу конфликтах дийцарша пайдабохьур бу аьлла тешна ву Стаффан де Мистура тIеман шина а агIонан барт хиларехь.

Дуьненаюкъарчу низамашца ма-доггIу кхерамзалла а кхачош, адамашна парггIат Дарайя гIалара арадовла некъбалар дехна конфликтан агIонашка Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино. Демашкана герга лаьттачу оцу гIалара бахархой арабаха барт хилла Шемарчу оппозицин а, Iедалан эскарийн а.

Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацин хаамашца Шемарчу кофликтехьвийна 290 эзар стаг, миллионашкахь бу шайн хIусамаш дIатийсинарш

XS
SM
MD
LG