ТIекхочийла долу линкаш

Мел бакъ ву Бердиев я харц ву, шуна гергахь?


Шайна ма тов лела зударий лаьтта тIехь ца хилийта, церан эвхьаза лелар гIелдан зударий сунт бан беза аьлла, дIахьединера Къилбаседа Кавказан бусалба нехан кхеташонан коьртехь волчу Бердиев ИсмаьIала.

Бердиев ИсмаьIала, Къилбаседа Кавказерчу муфтиятийн координаторо зударийн ойла чохь сацош, царна физиологи хуьйцу операцеш яйта еза аьлла эккхийтаро бахьана делла Оьрсийчуьра хьовха, дуьненан а прессина Кавказехь зударий суннатбо, иза къизалла ю бохуш даржо.

Цуьнца доьзнера Маршо Радионо шен кху кIираннан хаттар.

Шуна муха хета, бакъ вуй Бердиев, зударийн акха ца бийлийта, оьздангаллах ца бохийта некъ лохуш, яржо оьший Бердиевс юьйцу уьш суннат бен практика?

Мел бакъ ву Бердиев я харц ву, шуна гергахь?

Хаттарна дахкийтинчу жоьпаша гойту бахархойн оцу хьокъехь ойла кеп-кепара хилар. Амма гуттар уьш карзахбохкрг ду, Iеламстага шуьйрачу гонехь и тайпа дIахьедар дар.

XS
SM
MD
LG