ТIекхочийла долу линкаш

Италехь мохкбегорехь беллачийн терахь юха а хьаладаьлла. Кху сохьтан хаамашца, 290 стаг ву велларг. Шоьтадийнахь тезетан де а кхайкхийна, белларш дIабухкуш бу Италехь. Хиллачу зенан мах хадош, кадам беш оцу гIала кхаьчна пачхьалкхан президент Маттарелла Серджо а.

Цул тIаьхьа Асколи-Пичентно а вахара президент. Цигахь 40 стаг велла. ПIераскана сарахь юха а мохбегийна Аматричехь. Рихтеран барамца 4, 2 балл бу ластаман. Отелян гIишлон херцаршлахь масех стаг велла цигахь. ПIерасканадийнахь мохкбегийначу регионашкахь чолхе хьал кхайкхийна.

Бохаман зоне нисбеллачу нахана Италин Iедало дош делла ахчанца а, ял лахъярца а аьттонаш бан.

XS
SM
MD
LG