ТIекхочийла долу линкаш

Баварин финансийн министро Зедер Маркуса дIахьедо, тIедогIучу кхаа шерачохь Германехь беха эзарнаш мухIажирш шайн даймахка дIахьовсо безаш хилар. Шпигель журнална еллачу интервьюхь цо билгалдаьккхина, массо а тIебаьхкинчу мигрантийн интеграци ялург цахилар. Гергарчу Малхбалерчу цхьайолчу пачхьалкхийн лаьттатIехь хIинцале а ю кхерамзалла чIагIйина регионаш.

МухIажиршна тховкIело яларан низамца догIуш ду, миггранташ шайн махка юхаберза деза, нагахь санна, Iедалера схьа кхерам царна бацахь. Дахначу шарахь Германига тховкIело йийхира Гергарчу Малхбалера миллион сов бахархоша. Кху аьхка мухIажирша масех тIелатарш динчул тIаьхьа, Германин урхалле бехк баьккхира шайн пачхьалкхе неIарш цара йиллина латторна.

Немцойн канцлера Меркел Ангелас емалдина зуламаш, амма миграцин политика хийцар тIе ца дитира.

XS
SM
MD
LG