ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-ГIалахь баьллачу мохо зенаш дина


Ницкъала баьллачу мохо а, догIано а дарбан цIийнан а, нах чохь бехачу цIенойн а тхевнаш дохийна шоьтадийнахь Соьлж-ГIалахь. Кегдина дитташ, масех долахойн машен а йохийна. Iуьйранна дуьйнна Нохчийчоьнан орцан министралло дIасакхоьхьуьйтуш хаамаш бара бахархошка, мехаш хир ду, цхьацца меттигашкахь кхоьсина догIа а догIуш, аьлла.

Соьлж-ГIалин юккъерачу бераш дуьненчу довларан цIийнан а, махкарчу тIеман лазартнен а, «Грозный» телекомпанин, масийттаза тIекIалдинчу цIенойн гIишлош юкъ-кара тIекIалкхийсина.

Иштта, Теркйистера 20 цIа а, спорткомплекс а, културин хIусам а йохийна аьлла хаамбо Нохчийчуьрчу орцан министраллин сайтехь.

XS
SM
MD
LG