ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь кеманан бомбанаша нах байина


Адамийн бакъонаш ларъярна тIехь Iуналла дечу мониторинган юкъаралло хаамбо, кIирандийнахь Къилба Шемахь хIаваъ кеманаша динчу тохаршкахь 30 стаг велла, иттанашна чевнаш хилла. Цхьана а кепара Туркойчоьнан Iедало оцу хьокъехь комментарий елла яц. Джелабрус гIалина гена йоццучу Шемарчу курдоша шайгахь латточу шина юьртана дина кеманца тохарш.

Байинчарлахь бу маьрша бахархой, курдойн гIаттамхой а. Кху беттан 24-чу дийнахь тIеман операци йолийна Туркойчоьно Шемахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG