ТIекхочийла долу линкаш

Узбекистанан Iедало хаамбаржийна, пачхьалкхан президент Каримов Ислам дарбанан цIийне кхачийна аьлла. Официалехь цкъачунна гIарадоккхуш дац, мича бахьанашца охьавиллина Каримов дарбанан хIусаме, амма лоьраша шаьш даредарца, медицинан таллам а бина, доггIу долу дарба лелон дикка хан оьшур ю.

ТIаьххьарчу деношкахь Узбекистанан президентан могашалла ледарчу хьолехь ю аьлла, информаци яржийнера хаамийн гIирсаша. Маршо Радион "Азаттык" сервисо яздо, шоьтан суьйранна дуьйнна хаамаш кхочу шайга, Каримов Исламан могашалла оьшуш хиларх.

1989-чу шарахь дуьнна Узбекистанан урхаллехь ву 78 шо долу Каримов Ислам.

XS
SM
MD
LG