ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн журналист Щетинин Александр велла


Украинан къоман полицин пресс-гIоьнчалло дIакхайкхийна кIирандийнахь Киеверчу шен хIусамехь велла карийна оьрсийн журналист, «Керла регион» агенталла кхоьллина Щетинин Александр аьлла. Иза винчу денца декъалван баьхкинчу цуьнан доттагIашна карийна Щетинин гIентахь хиина, коьртах тапча тоьхна йинчу чевнаца. Уллехь Iуьллуш герз а хилла. Киеверчу Маршо Радион корреспонденто Ивахненко Владимира хаамбарехь, талламчаша журналисто ша шен вийна хиларан верси ю юьхьарлаьцна.

Хьалхо шен цхьана гергарчуьнга электронан кехат дахьийтина хилла бохуш дуьйцу Щетинина, ша суицид ян дагахь хилар хоуьйтуш. 20 шо хьалха ша кхоьллинчу «Керла регион» агенталлин куьйгаллехь вара Щетинин Александр 2014-гIа шо кхаччалц. Оьрсийчоьнан Iедало масийттазза Iаткъам бинера журналистна, цо Кремлан политика критикехь латторна.

Ши шо хьлха «Керла регион» агенталла дIа тесначул тIаьхьа, «Керла регион - Украина» агенталле дехьаваьллера Щетинин.

XS
SM
MD
LG