ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь ницкъалчу мохо зенаш дина


Ницкъала хьаькхначу мохо а, кхоьссина деъначу догIано а даккхий зенаш дина шоьтадийнахь Нохчийчохь. Махкарчу орцан министраллин хаамшца, цIенойн тхевнаш тIеэгна ши адам делла, цхьанна чевнаш йина. Iедалан хьукматийн гIишлош, чохь нах беха хIусамаш йохийна Соьлж-ГIалахь.

Иштта, кегдина дитташ, масех долахойн машен а йохийна. Соьлж-ГIалин юккъерачу бераш дуьненчу довларан цIийнан а, махкарчу тIеман лазартнен а, «Грозный» телекомпанин, масийттаза тIекIалдинчу цIенойн гIишлош юкъ-кара тIекIалкхийсина.

Зенан барам къастийначу белхахоша дийцарехь, ерриг мохо йохийнарг: социалан 9 объект а, 358 стаг чохь веха 64 цIа а ду. Чолхе хьолан раж кхайкхийна Соьлж-ГIалахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG