ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пентагоно диалоге кхойкху Туркойчоь


Къилбаседа Шемахь тIемаш бар нийса дац, нагахь санна уьш «Исламан пачхьалкх» шайх олучу террорхойн тобанашна дуьхьал беш бацахь, аьлла дIахьедина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министралло оршотдийнахь. ТIеман шина а агIоне кхойку Пентагоно ДАIИШ-ца юкъахь тIом бан, вовшашца дийцарш долор. Дахначу кIиранах Туркойчоьно Шемахь тIеман операци йолорх кхайкхам бинчул тIаьхьа, марсадаьлла туркойн эскарний, цара агIолаьцначу оппозицин тобанашний, курдойн гIаттамхошний юккъехь летарш.

Хонкаро дIахьедо, эскаран Iалашо джихIадхошца тIом бина ца Iаш, туркоша террорхой лоручу курдойн гIаттамхошна а дуьхьалояр ду аьлла. Оршотдийнахь туркойн арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта луьра тIедожийна курдойн гIаттамхошна, хьалхо «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанера схьаяьккхинчу Манбидж гIалин кIошт дIа а хецна, Малхбалерчу Евфрат-хил дехьа довлар.

Шина а агIонан тIемалой байина, бакъоларъярхойн хаамашца кеманан а, артиллерин а тохарша маьрша нах а байина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG